Selasat

Selasat

Вы хотите отреагировать на этот пост ? Создайте аккаунт всего в несколько кликов или войдите на форум.
Selasat

Чеченский форум Селасат


    Нохчийн ширачу дешнийн тидарш а, кхиндерг а

    Selasat
    Selasat
    Admin


    Сообщения : 1695
    Дата регистрации : 2010-07-31

    Нохчийн ширачу дешнийн тидарш а, кхиндерг а Empty Нохчийн ширачу дешнийн тидарш а, кхиндерг а

    Сообщение автор Selasat Чт Сен 16, 2010 9:41 pm

    Ассалом-Iалайкум махкахой!

    БИСМИЛЛАХЬИРРАХЬМАНИРРАХЬИМИ.

    Айса, нохчийн шира дешнаш туьдуш цхьа болх бинначохь, цунна хьалха цхьа патар "дешхьалхе" язъян дагадеънера суна. Амма цунаха суна моьттург цахилира. Волавеллачура саца цахууш, и дешхьалхе дукха яхелира сан ТIаккха суна дагадеара, и кхин яц а цаеш, я хийца а цахуьйцуш, ша ма-ярра дешархочуьнан кхэле йилла. Иза ишта дан до ас.

    АДАМ ИТОНЕРА ;

    Нохчийн ширачу дешнийн тидарш а, кхиндерг а.

    Шен ненан мотт халкъо

    Сий ойбуш, Iалашбахь.

    Цу халкъан паргIато,

    Цхьамма а хьошур яц.

    (М. Мамакаев)



    Дешхьалхе:

    Лераме дешархо! Цхьа хьалха оьрсийн маттахь яздинера вай хIара йозанаш. ТIаккха нохчийн маттахь юха яздан а дизира. Цуьнан бахьна дара, церан хьалхара барам сайна чекхбаьлла аьлла хеттачохь, айса мел ала гIиртийнарг, суна дийца лиъначу кепара нисделла цахилар. ХIунда аьлча, мел хьал долуш оьрсийн мотт белахь а, иза историн "ненан мотт" цахиларе терра, цуьнгахула соьца "хьасене" яла цатуьгура шираллера зIе.

    Ткъа нохчийн маттахь со яздан хIоьттича, боккъалла а, со цец а воккхуш дукха бара, оцу ширалло шегара вайга беш болу хаамаш. Шаьш мел берш бийца а, "ахьа" а, цхьана стеган корматалла а, я дахаран хан а тоьар йоцуш. Цундела и белхаш бан динна Iилманан институташ а, дика говзанчаш а оьшуш хиларе терра, вай кхузахь дийца кечдинарг, цхьажимма бен шен алсо йолуш а цахета вайна. Хила дезачуьнга а, оцу агIора вайн дан дезачуьнга хьаьжча. Делахь а, оцу "цхьажиммо" а, соу цхьана мIаргонна, нохчийн меттан аьзнаш декачу азаллехула "вадина" чекхваьккхича санна хоьтуьту суна.

    Оцу шираллера дуьйна схьа, Тахана даллалца еха йолучу, сайн "нохчолан" оьмарах со соу а, цец а вуьхуш. И сан оьмаралла хадо гIерташ кхин хIумма цахилча а тоьар дара, кху тIахьарчу масийта б1ешарахь, сан сица оьрсе "кхолла" лууш гIазакхийн-советин-гIазакхийн идеологин хьегна долу къа а. Суна хаьа, церан цу тIехь ницкъ цакхачаран бахьна, сан кхолламна тIехь лаьтташ болу Дэлан къинхетам хиларна дуйла. Хастам бо ас Цунна, хастам. Со Цо, бусалба кхолларна а, оцу аззалера дуьйна схьа, сайн къомаха со Цо цаваккхарна а. ТIейогIучу ханна а, изза Шен къинхетам, сайна тIехь латтабар, ас Цуьнга деха а доьху.

    Тахана: шайн дин а, къоман амалш а, аматаш а хийца кичча, Нохчийчуьра дуккха а адамаш, гIамарах хи санна дуьненан массо а маьIэхь дIахудалачу хенахь а, вайн цхьаболчу интеллегенташа а, шаьш оьрсийн культуран нах ду бохучу дийнахь а. Оцу шайн хабарца, шайгахь цхьа а культура йоцийла а гойтуш. Хетарехь иштачу тентагашна цахуучох тера ду, гIазакхийн - нохчийн тIемаш, уггаре а хьалха, оцу шина къоман культуран къовсам буьйла а, ткъа оьрсийн культура, керист динан ораман "синтар" дуйла а. Цхьабакъду, вайна билгала хаам цахаьа, и царна вайначул а дикоха хууш хила мегий а. Я хаза "деззачохь", дIахазийта и цара бохий а. Делахь а, вайн Iэламнаха леладечуьнга хьаьжча, оцу вайн интеллегенташна кхин бехк билла меттиг а бац аьлла хета. Кхолламан кIуркIам вайна тIехь хьийзачу хьокху тIаьхьарчу ткъайхьа шарахь, даима а, бекхабелла, белабелла, вайн артистех терра; "мерзачохь", "кIедачохь", "хазачохь" дуьне дууш и вайн молларчий хиларна.

    Шаьш ишта, дехьа а, сехьа а, кхоалхьанахь а бекъабаларна, нохчийн къоманна юкъахь муххале а, я шайна юкъахь мукъне а маслаIат дан, шайгахь, я хьунар, я доьналла а доцуш. Билгаладоккхур вай, и барт вайн къоман ишта IэгIинарш а, уггаре а хьалха уьш шаьш хилар а. Вайна кхузахь муха дага богIур бац, Лакхарчу шариIатан кхэло хIара бохий, Нохчийн муфтията ишта бохий, Шурас хIара сацам биний бохуш, цара массо а агIора, Нохчийн къоман паччахьалкхаца латтабина луьра къийсам. Оцу муьжгечунна кхин цкъа а, тIамца Нохчийчу ван аттонаш а бохуш. Хилла хила а там бу, царна юкъехь диканиш а, воуниш а, амма вайн кхузахь меттиг а, я лаам бац, цараха диканийш воунийш хержа. Цундела, шайн къоманна тIехь Iуналла дан шайгахь оццулла кхин кхетам цахилла болу и Iэламчас, Дэлан кхэле дIакховдор вай. Уггаре а хьалха, шаьш динца адам декъа гIерташ Нохчийчохь айдиначу питанна тIехь уьш бехке а беш.

    Вайца тIом беш волчу мостагIчул а, вайна бIозза кхераме долучу питанна. ХIунда аьлча, и важа йовсар вайн махкара дIавахча а, и питанна вайн махкахь дуккхачу а ханна лаьттар долуш хиларна. Билгалладоккхур вай ишта, вайн Iэламнехан ледарло санна лара дог1у, хIокху глобализацин заманашкахь, бусулбанашна юкъахь "хIайт" аьлла шайн "болх" дIакхоьхьучу керистан миссионерин а, вайн къоман синкхетамна "тIекхийда" аьтто баьлла хилар а. Вайн дахкадан шорта дара, цу хьокъехь долу тоьшаллаш. Къаьстина, вайн махкаха даьллачу хьалкъаца, тайп-тайпаначу организацашкахула оцу миссионераша шайн керасталлин болх муха бо дуьйцуш долу. Цара вайна гойту, нагахь хIинцалца схьа, нохчийн цIий "мийла" ихнарг цхьа оьрсийн "экха" бен цахиллехь, кхул тIаьхьа, цуьнца цхьана вайн са "мийла" оьху ерг, Малхбузера миссионер - "ешап" хир юйла а. Ткъа ма-дарра дийцича, оцу "экханан" а, оцу "ешапан" а, нохчийн цIий а, са а цхьаний "мийла" тоххарехь барт цахиллехь, вайна хIара шоллагIа тIом а бер бацара. Ишта цара биначу бертара лара хьакъ долуш хета, оцу миссионераша, нохчийн маттахь вайна юкъахь даржош долу керистан динан жайнаш а.

    Масала, цараха ду; "Йахьйайн жайна", "Лукин жайна", "ХIун ю дуьненан хазна", "Iийсайн дахар" и. дI. кх. а. Тидам бер вай, нагахь Малхбузерачу миссионераша нохчий иштачу "эсалашчу" хьехамашца кериста дине кхойкхуш белахь, цхьадолчу гIазакхийн мозгIарийн жайнашкахь, нохчий, керисташна уггаре а зуламе нах санна буьйцуш хилар а. Масала, иштанийг дуьйцуш ду, хIара шоллагIа тIом уггаре марсабаьллачу хенахь, масехьчу мозгIаро Россехь зорбанехь даьккхина "Основы православия" цIе йолу жайна а. Цу тIехь дийцарехь, Iйиса-пайхамар (а.с.) "вер" а, нохчийн "лар" йолу зулам ду. Дерриг дуьненна а хууш доллушехь, иза, шен заманлера уггаре воккха "террорист" а, "радикал" а санна йахIудаший, римлянаший "вийнила". Хьалхарачара, цуьнгара шайн динна кхерам гарна, вукхара, цуьнгара и кхерам, шайн империна хаабаларна.

    Ала деза, и оцулла лартIехь доцург айса дешначул тIаьхьа, сан хьалхара хилла ойланаш яра; " ..и дара, хIинца вайна тIехь кхолланза диснарг... , .. нохчаша-м тешна а "цавинера" иза, ша нохчо хиларна цавинехь..., ... ткъа нохчий хьеха а стенна бо иштачохь..." бохуш. Юха цхьажимма схьа метта веъча, суна уггаре а чIогIа тамашина хеттарг, и тIаьххьара ас сайга дина хаттар дара. Иза ишта шеца цхьа "нун" долуш хетарна, и талла а лиира суна.

    ХIинцалца схьа, нохчийн бераш, зударий бойу гIазакхийн герз гIовсе (освящение) даьхначул а совнаха, хIинца, шайн "дэла" нохчаша "верна" цаьрга чIир кхайкхочу оцу гIазакхийн мозгIаршна цхьа хьакъ долу жоп далархьама. Дала мукъалахь, цу хьокъехь вай бина таллам, шен буьззиначу барамехь кеста дешархочунна бовзийта а дагахь ду вай. ТIаккха хIинца, цу белхан тIера цхьацца кийсигаш яхкор ю вай кхузахь. Оьрсийн мозгIаршна, Iийса-пайхамар (а.с.) нохчаша хIунда "вийна" йиш йоцийла а дуьйцуш, малхбузерачу миссионерашна, нохчийн маттахь Тоурат а, Инжил а, Забур а даккха гIертар эрна къахьегар дуйла а гойтуш. ХIунда аьлча, вайна схьахIуттучу суртаца, нохчий шаьш а бу, оцу йозанийн бакъ болу чулацам, нохчийн меттан кхетамца хьанна а дIахьеха йиш йолуш. ХIинцалца оцу йозанашцара царна гуш хилла цхьадолу хьесапаш, царна юхьнехьа дуьйла а дуьйцуш.

    Вай кхеташ ду, кхузахь вай бохург, цхьаволчу дешархочунна вайн сонталла, я дош доцург хета там болуш дуйла а. Цундела и къамаьл мелла а сихха, и йозанаш айса нохчийн маттаца толлучохь сайна зеделлачунна тIедоккху ас. ТIаккха Инжалера вайна хаьа, Iйиса-пайхамарца (а.с.) нохчаша цхьа а мостагIачолла лелдийна доцийла а, ткъа цуьнца и мостагIчолла лелинарш а, вай хIинца лакхахьа хьехийна къаьмнаш хилар а. Цигара схьа вайна хууш ду, масала, Iйиса (а.с.) жуьгташа емал варна уггаре а доккха бахьна, цара и шайна тIевеънарг а, шайха воцург а лоруш хиларна дуйла а. Цундела кхузахь ша шеца схьахIутту кхин хаттар, жуьгташна оццулла чIогIа хийра хетта и пайхамар, ша мичара хилла те, бохуш долу. Вай цхьаьнца цхьа а къовсам бац, цуьнан схьавалар Галилера хиларна. Амма вай биначу талламера вайна хаьа, оцу заманашкахь, Галилеян шоллагIа цIе, "Шама"("Шема") хилла юйла а. ХIаъа. Вай юьйцург ю, цхьаболчу нохчаша шайн шира мохк лору Шама. Ислам даьржиначул дикка тIаьхьа а, хIинцалерачу Сириний, Иорданний, Ливанний, Палестининний юккъехь Iйиллина йолу.

    Х1инца хьовсур вай, Тоурато муха юьйцу, Iйиса-пайхамар (а.с.) цигахь гучавала везаш йолу билгало. Масала, цуьнан пхоьалгIачу жайнерачу ткъе кхойталгIачу декъерачу цхьана байто цу хьокъехь ишта боху: "Лекха Волучуьнан Нур, ТIур -Сина тIера схьа, Сеир лома а даьлла, цигара дIа, Фаран лаьмнашка делира". Исламан баккхичу Iэламнаха (масала; Са1ид Нурси) дийцарехь, оцу байто буьйцурш; Муса (а.с.), Iйиса (а.с.), Мухьаммад (с.а.с.) пайхамарш бу. "ТIур", Мусас (а.с) Дэлаца къамаьл дина ТIур - лам а болуш, "Сеир", Iйисас (а.с.) хьехамаш бина (нагорная проповедь) Шема - лам а, ткъа "Фаран", Мухьаммад (с.а.с.) гучаваьлла долу Хиджаз лаьмнаш а долуш. Цул а совнаха, вайн кхузахь тидам хуьлу, "Сеир" (Шам-лам) бохуш Тоурато буьйцучу ломан цIе, нохчийн маттахь атта тидалуш юйла а: "Се ("угол", "вершина", "хребет") ир" - лам" бохучу барамехь. Ишта вайн тидам хуьлучох ду, нагахь "Шема" а, "Нашха" а нохчаша шайн сил-силан кхетамца цхьана зIенаца лоруш елахь, "Галилея" бохург, "Галай - чIаж" бохучуьнца цхьанаэшаре дар а. ТIаккха лаа дуй те, шираллехь гергарчу Малхбалехь хилла "Шема" а, "Галилея" а цхьаъ санна хилар а, Нохчийчуьра Нашха, Галан-чIажахь а (вай кхечанхьа яхкор ю, оцу топонимин этимологеш а) нисялар а. Ишта, вай кхин дIа а биначу талламера вайна гучадолу, "1ийса-пайхамар" (а.с.), ширачу арамейн меттан Урферачу диалектица къамаьл деш хилла вуйла а. Шен хенахь, Ибрахьим-пайхамара (а.с.) а, Урфехь бийцина а, т1аккха цо шеца Ханаана д1абаьхьна а хиллачу маттаца. Масала, талламхоша оцу маттара лору, Инжална тIера; "Элой! Элой! ламма савахфани" а. Iийсас(а.с.), шена жуьгташа-римлянаша таIзар дечу хенахь, аьлла ду бохуш долу.

    Уьш вай деша а доьшу, оьрсийн маттарачу Инжална тIехь; "Боже Мой! Боже Мой! для чего Ты Меня оставил?" бохучу гочдарца. Билгаладоккхур вай, вайна цхьанна агIора нийса хеташ цахилар, церан ишта бу боху и чулацам. ХIунда аьлча, "Сан Дэла! Сан Дэла! Ахь со хIунда тесна витна" бохург, пайхамара муххале а, ша иманехь волчу хьам-хьаммо а, эр доцург ду.

    Дэлан къинхетамах дог диллар санна дерг иза ша хиларна. Ткъа вай бохучу кепара аьлча, уьш хила дезара, масала; "Дэла, хьан муьлхачу а кхэлана муьтIахь ву-кх со" бохучу барамехь. Иштанийг вайна гуча а долу, нагахь Iйисас (а.с.) аьлла боху и дешнаш, вай нохчийн маттахь тидахь. Уьш ишта тидале, цкъа хьалха билгаладоккхур вай, цаьрцара "ф" элип, цигахь хила йиш йоцуш дуьйла. ХIунда аьлча, Iйисас (а.с.) бийциначу ширачу арамейн маттахь иза, нохчийн маттахь а санна хилла цахиларна. Цундела оцу дешнашца и семитин элип нисдалар кхета догIу, иза жуьгташа царна юкъехь хIоттадина хилар санна. Шайга арамейн-нохчийн "хь" элпан аз ала цадаларна, иза "хф" бохучу озанна тIе а дуьгуш. Вай аьлларийг тIечIаг1до, Инжало ша а. Цу дийнахь, шайна Iийсас(а. с.) бохург х1ун ду цахаарна, цигахь гулбеллачара иза вовшашка хетта а, хоьттура, тида туьдура бохуш. Цу тайпа, вайна хаало, Iйисас (а.с.), хIетахьвукхарна цакхеташ бийцинарг, шен ненан мотт хилла буйла. Вайн кхетамехь, ша нохчийн мотт хилла болу. Иза ишта ала вайна бакъо ло, хIетахь Iйисайн (а.с.) чалташна хIун ду цахиънарг, тахана а, цу хенахь дуьйна ший эзар шо дIадаьллошехь, вайн меттан мукъамашца хилла а цаIаш, нохчийн маттаца шаьш тидича, шайца Исламан динера кIоргера кхетам болуш хиларо.

    Шайн чулацамо, керистан динера "кхоаллин"; "кIант", "да" , "ГIовсе Iа" ("гIовсе" боху дош вай лору, гIазакхийн "Святой") боху кхетам аьшна а беш, Iйиса(а. с), Дэлан лай хилла вуьйла а гойтуш. Дахкор вай, и, "Элой! Элой! ламма савахфани", кхуззигахь; "Эла! Эла" ла ма ва со хьани"("Эла! Эла! ла ("а"-дахде) ма ву со хьан") бохучу тидарца. Церан чулацам вай хIинца оьрсийн маттахь юхнехьа балийча хир бара; "Господи! Господи! я же Твой покорный" бохучу хьесапехь. Цу тайпа, вайна хаало, Инжална тIерачу; "...почему Ты меня покинул?" бохуш, Iйисас (а.с.) Далла Iоттар ечу хаттарна метта; "... я же Твой покорный" боху алар хила дезаш дуьйла. ТIаккха цуьнца вайна хаало; Iйиса (а.с.) Дэле хьаставалар а, Цуьнан муьлха кхэл а, ша ла кийча ву цо бахар а, Цунна хьалха цо, ша лай санна билгалаваккхар а. Ткъа иштанийг, хIинцалерачу килсанан мел йолу "гIишло" чу тухуш хиларна, ларамза дац, данне а ларамза дац, Оьрсийн килсано а, цуьнца цхьана Ватикано а, нохчийн цIий Iано магадар а, къобалдар а.

    Шен коьрта бахьна, вайна тIехь шаьш тоххарехь биначу талламашкара, вай хIинца кхузахь дуьйцурийг, шайна ма дарра хIун ду хаарна а долуш. Кхечу маттаца аьлча, уьш кийча бу, муьлха къам хIаллакдан а, нагахь цуьнгара шайна, шаьш эзар шерашкахь дуьненна буьйцу аьшпаш гуча бохур болу цхьа кхерам хаалахь. ЧIогIа тера ду, и кхерам царна нохчийн къомера гуш хиларна. Амма кхузахь кхин керла хабар юкъехь цадоккхуш, хьовсур вай, Iйисайца (а.с.) хилла бохуш Инжало буьйцучу хилламах лаьцна, КъорIано муха дуьйцу а. Ишта ду иза; "Цара олура; оха вина Масиахь Iйиса, Марьяман кIант а, Дэлан элча а, амма и цара вина а, я жIара тIехь дIатоьхна а вац. Царна ишта тарделларг ду иза. Ма-дарра хилларг, шайна хIун ду цахаарна. Боккъалла а, цара вийна ма вац и" (КъорIан: 4 -157). Кхузахь тидам бер вай, оцу аятацара Iарбойн маттара "Масиахь", вай тидина долу "Iйиса" санна нохчийн - арамейн маттахь хилар а, шен Iарбойн маттарачу маьIница, нохчийн "Маса" (я"Масу") бохучу дешан маьIнаца цхьанадар а.

    Дешархочунна цахаьахь а боху вай, оцу шинна а маттахь, цу дешан маьIна;"сиха верг", "массанхьа кхочушверг" бохучу хьесапехь хилар. Ала деза, вайн белхашкахь массийтачу кепаран тидаршца далийна ду и дош. Шайцара цхьаъ цараха, керистан динера - "Месси" а долуш. Амма уьш тIахьлонна дийца а дитина, цкъачунна кхузахь билгалайохур вай, нохчийн -арамейн меттанашца вай тида лерийн йолу; "Iийса-пайхамар" (грекин аларца -"Иисус") а, "Марьям" а боху цIераш. Уггаре а хьалха, цаьрцара "пайхамар" боху дош; "пе (й) + ха + Мар(а) бохучу барамехь декъа а декъна, цуьнцара; "пе", гIазакхийн маттара; "стена", "защита", "дом" а, ткъа "ха"; "охрана", "страж" бохург дуйла а гойтуш. Туьдур вай, цу дешан тIаьхьара "Мар" бохург а. Иза ламоройн "Мар" боху дош санна а лерийна. Цара гIазакхийн маттара "Повелитель" лоруш долу. Масала, иза го, церан, "ахь тхуна маралла ма делахь" бохучу аларца а. Вуьшта аьлча, вайна кхузахь го, и "мар" ("повелитель", "повелевающий"), вайн литератораша а, лингвисташа а шайн цакхетамашна тIехула, "майра" ("муж" = "храбрый") бохучунна тIедигна дош хилар а. Ткъа и "мар" а, "майра" а шайн тайп-тайпана маьIнаш долу дешнаш дуйла гойтуш ду, нохчийн кхечу кепара аларш а. Масала; "мэре вакхха..." а, "марха" а и.д1.кх.

    Билгаладоккхур вай, цараха хьалхарнийг, цхьаъ цхьана хIуманна къаставеш олуш дерг хилар. Къаьстина ишта олу, цхьа дов дIадерзачохь, бехк боцурш тIе а буьтуш, чIирунна виэн куьг бехкенийг къаставечохь. ШоллагIчу дашца вайна хаало; зударийн цIе а, догIанан марха а, кхобу марха а. Шен этимологи -"Мар+ха" бохучу барамехь а йолуш. Зударийн цIарцара и дош доьзна хета, "Далла лерийнарг" ("посвященная Богу") бохучу кхетамехь (кхузахь дагаяита Мария, Iйисайн нана). "Мар+ха" (облако) бохучохь и дош кхета дезаш хета; "Дэлан догIанан ха (страж)" санна. "Мар+ха"(пост) аларца цуьнан кхетам хета; "Далла лерийна ха (время") бохучу хьесапехь. Вай тIаккхахула шайн тидаршца кхин а дахкор ду, оцу барамерачу, масала; "Хьалхара Марта", "Марта" (хин цIе), "маршо", "маршалла", "марда" (и. дI. кх.а.) боху нохчийн дешнийн. Вуьшта цкъачунна, ширачу арамейн маттара "Мар" бохург, ширачу Вавилонехь а, Дэлан цхьа цIе санна лоруш хилла юйла кхузахь билгал а яьккхина дуьтур вай иза. Ала дашна, цигара схьадогIуш лору вай, латинин-европхойн "мэр" а.

    Ткъа хIинца гойтур вай, оцу "пейхамар" бохучу дашах; " пе а, ха а Маран" бохучу барамехь вайн нисделла тидар. Кхечу дешнашца аьлча, шайн чулацам; "Дэлера гIонна веънарг" хуьлуш болу. Тамашина ду, оцу "пе (й) + ха + Мар " бохучу дашцара вайна ширачу нохчийн маттахь хааелла Дэлан цIеран билгалло, ша, "1йиса" бохучу цIарца а вайна хаалуш хилар. Нагахь и цIе; "Iйи +са" бохучу барамехь вай тидахь. Кхузахь тидам бер вай, гIазакхийн маттара "Дух", вайн литературехь "Iа" санна хилар а, ткъа ламороша и дош; "Iа" а, "Iйи" а бохучу шалхешца леладарна а. Ишта, атта вайна кхеташ ю, оцу цIарцара "са" боху дешдакъа а. Шен гIазакхийн маттара хьесап; "душа" а, "свет" а долуш. Оцу кепара, и "Iйи+са" дIа схьа декъначул т1аьхьа, цуьнан чулацам вайна го, масала; "Ахьмад са", "Хьамзат са" (и.дI.кх.) бохучу хьесапехь терра. Шен оьрсийн маттара чулацам; "Свет Духа", "Посланник Духа" (и.дI.кх.) аьллачу маьIнехь а болуш.

    Доьшур вай хIинца , цу хьокъехь сийлахьчу КъорIано дуьйцург а. Вай динчу гочдарца; "ХIай, шайга йоза кхаьчнарш, ма-била шайн динан дозанел а ара, ма-дийца Дэлах бакъдерг бен, Масиахь Iйиса Марьяман кIант, Дала ваитинарг а, Цо Марьямана чу диллина дош а ду: Иза - Iа ю, Дэлера схьайогIу ....(4-17) бохучу барамехь хуьлуш долучу. Оцу аятан маьIница кхузахь чекхдаьлла лорур вай, "Iйи + са - пе (й) + ха + Мар" (а.с.) бохучу аларах вай дина и шалха тидарш а. Ткъа хIинца лаха хьовсур вай, Iйисайн (а.с,) ненан Мариян цIеран къайле а. Цуьнан маьIна вайна атта гучадолу, нагахь вай хIинца дийциначу "Мар" бохучу дашах пайда а оьцуш, "Мари я" бохучу барамехь вай иза екъахь. Масала; "Мария хьенан ю" боху хаттар вай кхузахь хIоттадича, цунна жоп вайна карор дара, оцу цIарна шена чохь, шен маьIна; "Мари я" бохучу хьесапехь а хуьлуш. Вуьшта дийцича, ширачу арамейн -нохчийн маттара; " Дала къастинарг ю", "Дела я (ю)" бохург ду иза. Ша гIазакхийн маттахь аьлча; "избранная Господом" бохург а долуш.

    Аьллачунна делил санна ду, масала, ламоройн; "аза мари я" боху алар а. Шен оьрсийн маттара маьIна, данне а, "она замужем" а доцуш, "она избранная Повелителем" бохург а долуш. Кхузахь вай бохург гуттаре а чIогIа тIечIагIдо, КъорIанан тIехь Марьямах лаьцна дуьйцучо. Вай диначу гочдарца, ша; "Малайкаша элира; "ХIай, Марьям, Дала къасти хьо, цIан йи хьо, Iаламехь мел йолчу зударел лакха а яккхий хьо"" бохучу барамехь нислуш долу. Ткъа х1инца, и дешнаш дахкийнчура цкъачунна сацор вай, "Iйиса-пейхамар" (а.с.) а, "Мария" а бохучу цIерашна а, цаьрца доьзначу дешнашна а тIехь вай беш болу таллам. Амма, вай тохара ма-аллара, цараха лаьцна дуьззина долу дийцар, тIаккхахула зорбане даккха (Дала мукъалахь) вайна тIе а лоцуш. ТIаккха оцу дийцарехь цхьайолу кийсагаш вай кхузахь яхкаяран бахьнаш дара, вай тоххара ма аллара; а) вай тохара бийциначу гIазакхийн мозгIаршна, Iийса -пайхамар (а.с) нохчаша "цавер" бахьнаш дийцархьама. б) малхбузерачу миссионерашка, керистан дин нохчашна церан маттахь хьеха а цагIерташ, нохчийн маттахь и шайна Iамаде алархьама а.

    Цул а совнаха, иштанийг ду вайн ала, тахана вайн къоманна гуттаре а чIогIа зуламе буьйлучу сионисташка а. Дуьйцур вай царна и, вукхарна нохчийн маттахь "Иисус" бохучу ц1еран къайле ма - йиццара, нохчийн маттахь, Тоуратан тIерачу "Иуда" бохучу цIеран къайле а юйцуш. Дешархочунна цахаьахь а боху вай, кхузахь юьйцург ю, Йакъуб (Израиль) -пайхамаран (а.с.) цхьана кIентан ц1е. Вайн кхетамехь, тIаьхьо, жуьгташца шен хIу дIаэдаларна, израилхошцара йолу шен сил-сил хаьдда волучу. ТIаккха къаьстина, оцу ц1еран тидар кхузахь вайна дан лаар ду, жуьгтин Iилманчашка а, я Iэламнахе а, и шайн; "иуда", "иудей", "иудаизм" боху "гIовсе" дешнаш тидалуш а, я уьш мичара схьадевла а хууш цахиларна. Ткъа вай и цIе дуьххьара йоьшу, Тоуратан хьалхарчу жайне тIехь: "И еще зачала, и родила сына, и сказала: теперь-то я восхвалю Иегову. Посему нарекла ему имя Иуда. И перестала рожать" (Бытие:29-35) бохуш.

    И ишта ешна йоллушехь, цуьнан нохчийн маттахь атта тидар а дало вайга. Амма и тидар дале, цкъа хьалха билгаладоккхур вай, и цIе гIазакхийн аларца а цаялош, яло ма-еззара ялаеш хилча; "Йаhudа" бохучу барамехь хила езаш юйла. Оцу нисдарца, хIинца нохчийн маттахь юха йоьшур вай, Тоуратан и байт. Ишта; " Кхин цкъа а, арелацаелира, вира воI, элира: хIинца-м Иеговна хастам бир бара ас. Цундела кIантана ЙахIуда цIе а тиллира. ТIаккха Iахар а яхара" Оцу байто дийцарехь, Лияс ша воьалгIа кIант вича, Иеговна бина болу хастам, цу к1антана тиллиначу цIеран маьIница хила безаш бу. Нагахь нохчийн маттахь шен хьесап дича, Лияс Дэле, Цунна хастамбарца аьлларг; " Йа, хIу Да" а долуш (вай тидина ю, Исраил-пайхамаран вукху кIентийн цIераш а). Цу тайпа, Тоуратан а, Инжална а тIера вай диначу масехьчу тидарша дуьйцург, вайн къоман историн яккхичу къайленех ду аьлла хета. Ала деза, нагахь и санна долу тидарш ишта масехь бен дацахьара, цараха кхин тIехбаьккхина тидам а бир бацара вай. Амма уьш вайн дукха хилла а цаIаш, инзаре дукха ду. Уьш ишта дукха хиларна цхьа бахьна а ду, схьахIуьттучу суртаца, цхьа Дэлан хьехамца, уьш тидаран "догIа" вайна карадиначох тера хилар.

    Дешархочунна оцу "догIанно" муха болх бо гойтуш, масална кхузахь ялор вай, Тоуратан тIера; "Поспешай, спасайся в него; ибо Я не могу сделать Своего дела, пока ты не придешь туда. Потому и дано имя городу сему: Сигор"(Бытие: 19-22) бохуш йолу байт. Йоккхур вай и хIинца нохчийн маттахь. Ишта;"СихгIо, кIелхьара вала цигахь; Cоьга цадоло Сайн гIуллакх, хьо цигахь дIаккхаччалца. Цундела аьлла ду цу гIалех: Сигор". Кхузахь вайна хаало, и "Сигор" (греч. транскр.) боху цIе, оцу гIалина тилларан коьрта бахьна, Дала Лута-пайхамаре (а.с.), "сихгIо" бохуш дечу омраца доьзна дуйла. Цундела кхузара схьахета вайна, оцу топониман этимологи а, нохчийн; "сихгIо", "сихое", "сихло" бохучу дешнех схьаяьлча санна.

    Вайн дахкадан кхин а шорта ду, и тайпа долу тидарш. Шайн дуккхаллица, "йахIудалла" а, "керасталла" а дуьххьара, ширачу нохчашна юкъахь доьссина а, церан маттахь хилла а дуй те боху ойланаш а вайга йойтуш. Вай кхеташ ду, и санна дерг тахана алар а, дуьненан "даджалера" вайн халкъана инзаре боккха кхерам бахьаш дуйла. Цундела и "экха" вайна хIуст цадархьама, вай хIинцалца схьа зорбане дохуш дацара, хIокху 7-8 шарахь Тоуратна, Инжална, Забурна тIера, вай нохчийн маттахь туьдуш хилла хIорш санна долу тидарш. Амма вай и дийцахь а, цадийцахь а, оцу "экханна" вайначул а дикоха и дерригге а шена хаарна ду аьлла хета, дуьненан дукха паччахьалкхаш а, къаьмнаш а, вайца тайп-тайпана тIемаш а, девнаш а леладан "цо" карзахадийхар а. Вай кхузахь хеттарш хIиттор дац, цу кепара хила тарлуш дуй те иза, бохуш. Цуьнан цхьа а шеко вайгахь цахирал а совнаха, оцу вайн арахьарачу мостагIашна цу тIехь гIо лоцуш, вайн чоьхьара мостагIи а вайна хаалуш хиларна. Вайн къам, массо агIора; тайпанашца а, динца а, лакхара а, охьара а бохучу къестамашца доькъуш болу.

    Масала, иштачара тIаьхьарчу хенахь дуьйцучу эладиттех ду, нохчийн ламоройн тайпанаш, шайн орамаш жуьгтийн долуш ду, Нохчийчохь хуьлу зуламаш, цаьргара а ду бохург. Кхузахь цхьацуьррийг тамашина цахета, оцу (олур вай цараха -"дауевгIар") "дауевгIеран" и эладитташ, цхьаболчу гIазакхийн-жуьгтийн йозанхоша къобалдарца дIа-схьа даржор а. Цул а совнаха, иштанийг мелла а шайца цхьацца шеконаш хуьлуьтурш а ду. Оцу тайпа, "лахьарий", "хьаларий" бохучу кепара вай декъа гIерта и "дауевгIар" а, динца вай декъа гIерта и "удуговгIар" а, шаьш-м дац те, цу жуьгтеха бохуш йолу. Вай кхузахь эрна хан цаяйархьама цадуьйцу, нохчийн уггаре а ц1еначу ламоройн тайпанах Дауевс яздеш дерг.

    Вуьшта иза чIогIа хаа луучунна хьехам бу, цуьнан и цхьаъ бен йоцу книжка ешар. Ткъа хIинца дахкор вай, "удуговгIарна" нохчий мел цабеза гойтуш долу, цхьана заманчохь Удуговца белхаш биначу И. а, С. а тайп-тайпаначу хенашкахь а, меттигашкахь а дина тоьшаллаш. Шайга деллачу цхьатеррачу хаттарна, цунна уллора шаьш дIадовларах бахьна дийца аьлча, цара делла жоьпаш, цхьатеррачу хьесапехь дара. С. делла жоп; " Я, АллахI, ма цахаьа-кх шуна, царна нохчий мел цабеза..." бохуш. Ткъа И. аьлларг ; " Нохчий царна б1арга бахка цабезарна.... Тхо цуьнца ван а вацара виъ нохчо бен, вуьш 36, шаьш нохчий лоруш а бацара...", бохучу кепара. Суна цахета, вайн махкахь а, дуккхачара бакъахьа лоручу оцу шина стага дина и тоьшаллаш харц хир ду аьлла .... (чакхе хир ю).




    Selasat
    Selasat
    Admin


    Сообщения : 1695
    Дата регистрации : 2010-07-31

    Нохчийн ширачу дешнийн тидарш а, кхиндерг а Empty Re: Нохчийн ширачу дешнийн тидарш а, кхиндерг а

    Сообщение автор Selasat Чт Сен 16, 2010 9:42 pm

    ***


    ХIинца вай дуьйцучуьнца хир ду: Нохчийн шира дешнаш кхин дIа а тидар. Шира израильхой - нохчийн цхьадолу тайпанаш хилар.

    "ШарIа" бохучу дешан нохчийн маттара маьIна а. "Удуг" боху цIе, шумерийн маттахь, уггаре а боьхачу ворхI жинний цIе хилар а, цуьнан нохчийн маттахь тидаялар а. Тоурато хIинцалера Нохчийчуьра тIом а, Грозный - гIала йицар а. Ишта кхин дуккха а, вайна чIогIа тамашийна хеттарш а.

    АДАМ ИТОНЕРА:

    Нохчийн ширачу дешнийн тидарш а, кхиндерг а.

    (чакхе)


    "Уьш хIун ю, дIо лиэпарш лаьмнашкахь,

    Гой хьуна Iуьйренан серлонгахь?"

    "Го дера, мостагIийн байракхаш!...

    Йо Дэла, Iалашде тхан бераш!"

    (Шиллер. Гочдар А. Айдамиров)


    ТIехула тIе, цара баьхнарг тIечIагIдо, оцу "удуговгIеран" а, вукху "дауевгIеран" а юкъарчу гIулкхаша. Ткъа церан уьш ишта хиларна билгало ю, цара нохчийн къоман цхьааллийн шендаш дол-долучохь "хьоькхург", цхьа "херх" хилар. Шен хенахь, КГБ-н 5чу (идеолгин) урхалло вай къам массо а кепара дIа-схьа декъа шайга белларийг. Цундела, оцу вайн "националисташа" а, "исламисташа" а цкъамукъне шаьш "галбевла" а, нохчийн барт хуьлург дийца а цадуьйцу. Вуьшта ала деза, вайн цхьаболчу кхетам болчу наха, цаьргара нохчашна и кхерам шайна гуш хиларе терра, царна дуьхьала мелла а болх дIакхоьхьуш хиларх а. Ша ду, и болх цара кIезга бар а, и беш берш, наг-нагахь бен а цахилар. Масала, цараха ву, нохчийн гIараваьлла яздархо Ахмадов Муса а. Ша, дауевгIеран ламарой нохчий а бац, бохучу эладиттанах, реза вацарца, цхьана меттехь; ... ламарой шайн амалашца мелла а шога хилар, цаьрга охьанцара хьала бусулба дин, мелла а тIаьхьоо кхачарна ду", бохург яздеш волу.

    Сайна Муса дика вовзаре терра хаьа суна, цу кепара ламоройн амалашна а, иза воун дерг ала гIерташ воцийла. Кхузахь кхеташ ду, цо ишта бохург а, дауевгIара кегадо питанаш, ма хуьллу дийжитархьама бохуш дуйла. И лаам цуьнан хиларна, цунна Дэла реза хуьлийла аьлла, билгаладоккхур вай, Мусайна хетарг а, вайна кхечу агIора хеташ хилар. Вуьшта дийцича, шеца цхьа забар хуьлуш а ду, къаьстина Мусас и саннийг алар. ХIунда аьлча, цхьана заманашкахь, бIарза а хиъна, ламчу дин кхайкхо вогIу шейх Абу - Муслим (Iарбо), цуьнан тайпаначу вежарша пхьарчий тоьхна вийна хиларна. Я цуьнга шайна дин а цахьоьхуьйтуш, я шайн дозанашкахула иза чекх а цаволуьйтуш. Амма бегаш бегашца а битина, Нохчийчохь Ислам даржарах дерг вай дийцича, иза аренцара хьала а доцуш, ломара аренца даьржина хета. Дуьххьара шен схьадоладалар, масала, Шарара а долуш. Иза ишта вайна хоьтуьйтург ду: а) Шара гергарчу Малхбалина вайн махкара уггаре а гергара юрт хиларна. б) дукха хан йоцуш а ламорошна юкъахь (шаьш цхьа х1ума кхечунца дустучохь) ; ".Шаройн КъорIан санна цIена" боху, цхьа алар лелар а.

    Ткъа хIунда олуш хилла цара и ишта? Цуьнан кхин жоп дан а дац, нагахь вай иза, нохчашна дуьххьара КъорIан довзар а, цара и къобалдар а шарошкара схьахилча санна цаларахь. Цуьнца доьзна хета, 1арбойн лору "шара1а" боху дош, нохчийн маттахь тидалар а, цуьнан шарой тайпанан ц1еран санна, "шар" ("шер") боху орам хилар а. Т1аккха цхьана жайно г1азакхийн маттахь ма дийццара (имам Хомейни. "Последнее послание") дийцича; ""Шар" в словарном смысле означает "ясный прямой путь" и "русло реки". Ввиду того, что божественные законы во многих аспектах похожи на реку, Коран в качестве сравнения аллегории, называет их шариатом", бохург ду иза. Кхузахь вайна го, нагахь, цу дешан "шара" бохург, нохчийн "шера", "нийса" (-некъ) санна нислуш делахь, цуьнан "1э" бохург, вайн "1э" ("1а") санна хилар а. Цо гойту, нохчийн маттара; "Шера+1а" а, "Шера+1э" а боху аларш, г1азакхийн маттара; "Дух справеливости", "Жить в справедливости" (и.д1.кх. а) санна хуьлуш дуйла. Масала; нохчийн маттара; "Шар1э дилла" бохучо; "Суди по Духу справедливости" боху кхетам а луш. Цул а совнаха, "доьду эрк" ("русло реки") бохучу аларца а вайна карадо, "шар" (кхузахь; шуьран цхьа сурсат санна) бохучуьнан маь1на а.

    Нагахь вай, ялсаманан чохь хир ду боху, Шуьран -эрк дагадаитехь. Билгаладоккхур вай, и;"шаройн Къор1а санна ц1ена" бохучу аларах терра; "М1айстойн - кхэл санна нийса" боху, кхин цхьа алар а ламоройн хилар. Т1аккха нохчийн ширачу 1адатех лаьтташ хилла йолу М1айстойн -кхиэл, нагахь Тоуратан "хьостанера" вай ларахь, цуьнан ма1на а вайна атта кхеташ ду. Цу хьокъехь вайна хеттарг, вай шорта тоьшаллаш а дахкадеш, кхин а т1е дийца дагахь а ду. Амма цкъачунна вай бохучунна дешархочуьнга мелла ойла яйта, г1азакхийн маттахь далор вай цунна, цхьа б1ейи масийта шо хьалха, Россиковас А. ("Путешествие по центральной части горной Чечни. Тифлис, !896г.) нохчеха яздиначу йозанера цхьа дийцар. Цунна лаьмнашкахь нохчашкара хезна а, шен чулацам ишта а болу: "Жил был один молодой чеченец. У него было две жены, которые жили в одной сакле. В одну ночь уложили женщины детей в люльку и легли спать, каждая подле своего ребенка. В полночь одна из женщин заметила, что ребенок ее мертвый. Не долго думая, она взяла живого ребенка соседки, уложила в свою люльку, а своего мертвого положила к ней. Наутро между матерями поднялся спор: каждая женщина считала ребенка своим. Услыхал об этом муж и не зная, как рассудить женщин, обратился к старикам. Старики, судили , рядили, но также не могли примерить женщин и передали это дело на рассморение в знаменитым в то время судьям, которые жила в селении Маис-Ты. Приехали судьи, потребавали женщин и живого ребенка.

    Один из судей взял ребенка на руки и, обращаясь к женщинам, сказал:" Чей это ребенок?" Обе женщины отвечали:"Мой". "Если каждая из вас считает ребенка своим, то, чтобы прекратить ваш спор, я разрублю его пополам!" сказал судья. "Руби если хочешь, а ребенок мой!" сказала одна из женщин. Другая же с рыданиями бросилась к судье и умоляла его не резать ребенка, а лучше отдать чужой матери. Судья передал последней женщине, как той, которая была связана с ним сердцем. Муж заявил, что он еще ни разу не видел своих детей и не знает, кому какой из них принадлежит". Кхузахь хьанна а гур ду, вайн халкъаллехь хилла и дийцар, Сулайма-пайхамара(а.с.) йиначу кхэлах долу дийцар а цхьатерра хилар. Цундела и дийцар вай шен дуьззиначу барамехь далорна бахьна а дара, цуьнан нохчийн халкъалехь хилла йолу вариант дешархочунна йовзайтархьама. Кхузара вайна хаало, оцу шинна а дийцаро, нохчашна юкъехь ц1е яхна хиллачу М1айстойн-кхэло (М1айстарчу кхэлахочо) а, ширачу израильхошна юкъехь ц1е яхна кхэлахо хиллачу Сулаймана (а.с.) а, оцу зударийн къаьстиначу девнан сацам цхьатерра бийцар. А. Россиковас дийцарехь, и шира вайнехан дийцар, нохчаша Тоуратна т1ера схьаэцна израильхойн дийцар ду. Т1аккха вайга хаьттича, иза нохчийн дийцар ду.

    Ша вайн халкъалехь нисдаларан бахьна; Тоурат нохчийн маттахь а, ткъа шира израильхой, нохчийн тайпанаш хиларна а долуш. Аьллачунна тоьшаллаш т1е дахкош, вай т1аьхьунна этимологи йир ю: Сулайма-пайхамаран (а.с.) ц1арах а, "М1айстойн - кхэл" бохучу аларах а. Хьалхарнийг, ширачу арамейн -ламоройн (нохчийн) маттара: "Дэлан лай", ткъа шолг1нийг: "Дэлан кхэл" дуйла а гойтуш. Цу тайпа, оцу шина аларах вай диначу хьесапца билгаладолу: а) Нохчийчохь Исламан динара Шар1а - кхиэл а, Тоуртан ва1дашцара "М1айстойн -кхэл" а ломара д1а-схьа яьржина хилар. в)цу маь1нехь: нохчашна юкъера шарой, м1астой; 1арбошна юкъахь Ислам даржийна къурайшех а, ширачу израильхошна юкъахь Тоуратан ва1даш латтадина лабиг1арах (левиташ) а терра хуьлуш буйла а. б) ламчуьра нохчий, вукху нохчел "акха" хилар, цара Ислам аренцарачу нохчел а т1аьхьа т1еэцна хиларна ду бахар, нийса доцийла а. Ткъа х1инца дешархочунна гайтамна, цхьана жимачу дийцарца балобо ас, хьаларчу нохчашна, цу хьокъехь беш болчу т1ехбеттамех цхьаъ а. Масала, ша "забар" ечуха, хьастахьа цхьа минаьха 1оттар йира суна; "хьажахь хьенехь, бакъ дуй, шу ламарой жуьгтехьа схьадевла бохург", аьлла.

    Т1аккха ас а бира цуьнца, уьш санна болу "бегаш; "х1а - х1аъ, цхьажимма гал вели хьо. Хазарера веъна жуьгте хьо а, Шемара веъна нохчо со а волуш, долучох тера ду вайшинна г1уллакхаш. Цу тайпа, сой, хьой: нохчо-израилхо а, суьле - жуьгте а санна, х1окху дуьненчуьра уггаре а шира, луьра а ши мостаг1а а волуш. И бахьна ду, аш тхуна шираллехь а, тайп-тайпана: ассирийцаш, римлянаш, грекаш, ишта кхин долу а къаьмнаш, т1емашца коча тийссина хилар а. Тхоьгара Тоурат а, тхан исторри а, ц1е а, мохк а шайна дола баккхархьама. Масала, аш х1инца а белхам бо, шаьш халдейцаша, г1овсе къам хиларна бен, кхин бехк-гуьнехь а доццушехь, Иудера Б1абилоне йисаре дигна хиллера бохуш. Цу хенахь тхан вежарша халдейцаша шайна динарг, ямартчу къоманна бина бекхам санна хилар леч1къа а деш. Цул а, цхьа б1е шо сов хьалха, аша тхо, шайн вежаршка ассирийцашка ширачу Израилера доха дайтина хиларна. Цу тайпа, эххьар а, ассийрахой шаьш х1аллак ма биннехь, шуна а шайн "куьг" т1екхачарна дина ду, х1етахь шуна халдейцаша динарг. Оцу ширачу девнан оьг1азлийн "чап" ю, тахана а аш тхоьца латтош ерг а. Х1етахь Ассирийн империга Израилера - Шемара санна, х1инца Россин империга а, тхо Кавказера дохадайта шуна лаа а лууш. Шу тхоьгара цхьа Нохчийчоь езна 1аш делахьара, иза-м ша дара. Шу уггаре а ч1ог1а кхоьрург, аш галдаьккхина хиллачу Тоурато йицинарг - нохчийн къоман истори хилла хилар дуьненна д1а хаар ду. Т1аккха шайн йах1удин сил-силан аьшпин "ворда" хаьрцар йолу дела. Цундела шуна ч1ог1а лаьа, тхох зулусаш бина а, 1арбой бина а, я шайха терра болу жуьгтий-суьлий бина а, ткъа цахулчий даьлча, тхо дерриш х1аллак дина а, тхан бакъйолу сил -сил д1ах1улян. И бахьна хиларна дара, цхьана пхи - ялх шарна юкъехь, аш т1амца Нохчийчохь шозза и акха муьжге чувалавар а. Нохчийчоь декъаза ялийта, шу арадийли "театрийн майданашкахь" а, цунна духьала аш т1емаш би, шайн аьттонаш хуьл-хуьлучу к1елонашкара а, цуьнан метта шуна йизи "имираташ" а, "валийяташ" а. Оха "НОХЧИЙЧОЬ", бохуш д1адола динарг, шайн ма - хуьллу гал даьккхий аша.

    Ткъа тахана гуттаре а ч1ог1а, шаьш массо а аг1ора боькъучу нохчашна хьалха а буьйлуш, дехьа а, сехьа а шайн талорш деш хьийза шу. Хьажал хьо, хьайгахь цхьа а иман цахиларе терра, ахь соьга лучу хаттаре а. Хьайна нохчийн халкъ , цхьа бусулба къам санна дехаш хилар цадезарна, царна юкъахь х1инца, тайпанийн къийсам хьоу ган лууш хиларца. Амма хьо цакхета, и санна дерг, уггаре а хьалха, шуна шайна мел кхераме дуйла. Нагахь нохчийн баланаша цкъачунна "тхьузйина" иэс цхьажимма сема ялахь, шу мульш ду а, шаьш муьлш ду а, царна д1а а хууш..." бохуш. Ала дашна, ас х1етахь цуьнца диначу оцу къамаьлах мелла а тера бара, со теш хилла кхин цхьа къовсам а. Сан доттаг1чуьнан Б. Эльбертан, и волчохь шайн бизнес г1улкхана кест-кеста хуьлучу цхьана шина жуьгтечуьнан а юкъахь хилла. Дуьненчохь уггаре а хьалха ахчанан-сурсатан юкъаметтиг мичара схьайолаелла бохучу хаттарна т1ера бола белла болу. Ткъа боцца бийцича ишта бара иза. Эльберт : " Шу мичахь хилла ларт1ехь йохкар-эцар, шу ахчан ц1е -"шеккел" а, нохчийн "шай-кай" бохучунна т1ера хилча "(цу хьокъехь долу делилаш, вай Ибрахьийм-пайхамарах (а.с.) долучу дийцаршкахь дахкор ду). Вукху шимма; "Нохчаша израильхошкара схьаэцна хила цамега и ц1е". Эльберт: "Мега, нагахь бакъ болу израилхой шу белахьа-м. Я шаьш боккъалла а, иштанийш хета шуна?". Цхьана жуьгтечо, дукха ч1ог1а цецваларца: "Ой, ткъа мила ву со, нагахь израильхо вацахь". Эльберт, ша забар ечуха вела а луш: "Хьой-я? Хьо жуьгте ву, ткъа бакъволу израильхо со ву" Эццахь, Эльберта шега бохург боккъалла, я забарна ду цахаарна, цхьаъ ала дагахьа маттаца тиссалуш воллучу шен накъосте забар йо вукху жуьгтечо а; "т1аккха хиин хьуна, мила, мила ву? Ас бехири хьоьга, кхунна вайн историн литература ма кхехьа.

    Со тешна вара, х1ара вай толлуш хиларна. Ткъа х1инца таккхал 1э, х1ара хьайга бакъ луьйш хилча...". Ша бохучунна и тайпа мук1арло цу жуьгтечо дича, ша йохье лаьцна жуьгте гуттаре а беге ваккха х1оьттира Эльберт. Цуьнга; "х1ай-х1ай, ладог1ал ахь, Виктора бохучуьнга.... Амма, хьо оццула воьхна хьовзалла х1ун ду кхузахь? Нагахь ахь ма бохху, хьо бакъ волу израильхо велахь, тхан ц1ийха ву-кх хьо. Тхо ассирийцашка а, римлянашка а, грекашка а Ханаанера жуьгташа дохадойтучу заманашкахь, тхох хаьдда бисначараха а хьуо волуш. Хьуна тамашина цахета ткъа, шух цхьаболчара, г1азакхашка тхо дайи чекхдаха бохучохь, вукхара тхьоьгахьа г1о дохуш хилар. Ткъа Политковскиг1ара а, Литвиненковг1ара а, шайн синош тхо бахьнехь д1адалар а. Шайн ц1ийн кхайкхамца бен, вуьшта дойла дарий цара иза? Уьш бу-кх, оха шуна юкъера шира израильхой лоруш берш а...", бохуш. Д1а ойла йича, дан а дара, х1етахь Эльберта цуьнга баьхнарг, шеца цхьа "х1етал-метал" дерг. Цхьаболчу жуьгташа нохчашна т1ех1уьттуш г1азакхашца къовсам латтабар а, ткъа вукхарна, уьш г1азакхашка хьалакбайта лаар а. Масала, оцу т1аьхьарчеран и лаам, цареха волчу цхьаммо, х1ара шоллаг1а т1ом болалучу юххехь ишта буьйцура ; "Нохчийчоьно, оцулла зулам деъна Россина, оцулла цуьнан х1улдина, оцулла цуьнан байина, тахана а, иза Иблисаца йоьлла ю, иза д1аян еза к1ур санна, Дэлан ва1даш дохийна хилла йолу Израилах терра, я ц1арца юха лалаян еза и "(Олег Осетинский: "Вставай страна огромная"). Ала деза, оцу дешнех цецдовла а, я шекдовла вай тидам а бир бацара.

    Б1ешарашкахь уьш санна дуьйцучу вайн мостаг1ийн хабарша, вайна тоххарехь цараха тушам баьккхина хиларна. Амма вайн кхузахь тидам хуьлуьтург кхин ду. Оцу минаьха: Нохчийчоь ширачу Израилаца юстар а, цуьнан Израиль дуьненчура "д1аярна" воккхавер а, Нохчийчоьнах дан дезарг, халдейцаша йисаре йигначу Иудеян масалца а цадуьйцуш, ассирийцаша йисаре йигна Израиль хьехаярца цо дийцар а. Шеко йоцуш, цунна дика хуучохь тера ду, шира Израиль а, шира Йах1уди а тайп-тайпаначу къаьмнийн паччахьалкхеш хилла юйла. Шайн юкъа меттигаш, г1араваьллачу жуьгтин историкана Кастейна ма бохху; "..оцу шина паччахьалкханан юкъехь хилла долу дика а, воун а кхин совнаха цахилла, шайн юкъара доза долучу муьлхачу а шина паччахьалкхана юкъахь хуьлучул а. Цхьа йолчу хенашкахь, цара вовшашца т1емаш а бина, кхечу заманашкахь, церан барт хуьлуш а хилла. Амма даима а, царна юкъехь лаьттина хералла .." хилла йолу. Ишта и хералла юьйцу х1окху тоьшалло а: " Я не знаю, что имеют в виду те, кто оплакивают неделимый Израиль. С древнейших времен границы еврейской независимости сокращались и расширялись в соответствии с главной потребностью народа -выжить, сохранить свою историю" (Бен - Гурион. 9. 12.1947г.) Г1азакхийн маттахь вай дахкиначу Бен-Гурионан оцу дешнашцара вайна хаало: а) жуьгташна юкъахь, х1инцалера Израиль кхоллаяларна реза йоцуш цхьа тоба хилар. б) иза, нохчийн къомаха цхьацца бахьнашца шираллехь д1ахеддачу израильхойха (нохчеха) лаьтташ хила тарлуш юйла. в) Бен -Гуриона, "исторехь жуьгтийн дозанаш жим луш а, даккхий хуьлуш а хилла" бохучуьнца, деш дерг мук1арло дуьйла. Жуьгташа ширачу Израилан (Шеман) латтанаш а, ц1е а лач1къина хиларна. Билшаладоккхур вай, Кастейна а, Бен -Гуриона а юьйцу ширачу израильхойн, жуьгтин башхаллаш, "Жуьгтийн Энциклопеди" а т1ехь хилар: "Жуьгтий, мел йолчу билгалонашца, израильхойха бац" бохуш. Иза боху Талмудо а. Шен; "Эхартахь израильхойн дакъа хир дац", бохучу чаг1дарца. Кхузахь дахкийча кхин а шорта дара, и тайпа масалаш.

    Шира Израиль "яйна" масехь эзар шо доллушехь, х1инца а, жуьгтин израильхошца оцулла йоккха ачо стенна ю те боху, хаттар кхуллуш долу. Ткъа вайна оцу хаттаран къайле карош хета, цхьадолчу Тоуратан йозанашна юкъахь. Цара, къематде герга деъначу заманчохь, адамашна орца ( Мехьди валар) израилахошкара а хир ду, Дэлан лаамца, израилхой цкъа мацца а Ханаана юха а боьрзур бу, бахарца. Аьлларг цхьанадог1у, вайн Пайхамара (с.а.с.) аьллачу ; т1аьхьарчу заманчохь Ислам айдеш, шен умматара цхьа жима халкъ г1оттур ду, бохучуьнца а. Кхузахь эрна хир дара, и вай мел дуьйцург, таханалерачу дуьненан юкъерачу сионистин ох1лоно, шайн йоккхачу политикан лехамашкахь, тидаме эцна дац аьлча. Шайга сацалур йоцу и Дэлан кхиэл, шайн программехула мукъане а, чекхяккха а г1ерташ. "Дуьхьало цаялахь, хьалха вала", бохучу кхетамца. Иза вайна го, 1948 шарахь, шаьш ООНехула кхоьллиначу х1инцалерачу "Израилехь", кхерамашца а, 1эхамашца а, хьехамашца а, дуьненчуьра "израильхой" уьш "ц1а" берзо г1ертарца а. Т1аккха боккъалла а, оцу Ханаанехь шаьш цхьа Историн нийсам х1отто лууш хиллехь, цара цигахь ян езарг ши паччахьалкхе яра: шира Израиль а, шира Йах1уди а. Йах1уди жуьгташна санна, Израиль (Шема) а, цкъа цигахь даьхначу къоманна а д1алуш. Масала, гергарчу Малхбалехь 1аш болчу нохчашна. Иза ишта хила дезарна цкъацкъа мук1арло до, шаьш сионисташа а.

    Масала, "Израилан" президента Ш. Переса ма бохху; "Израиль кхоллаялар а, массо а 1аламан законашна юхьнехьа доллушехь нисделла ду". Хетарехь, таханалера сионисташ дика кхета; 1аламна б1остане дерг, гена дер доцийла а, ткъа шира израильхой, Тоурато ма бохху, цкъа мацца а бирзина а, шайн Шема боьрзур буьйла а. Цундела цу кхерамах шаьш к1елхьара довларан некъ, и шира израилхой дуьненчохь леха а лоьхуш, уьш шаьш бол-болучохь х1алакбарца гучох тера ду сионисташна. Цхьаа шеко а йоцуш, и шайн "туш" цара тохначараха хета вайн къам а. Ша г1азакхийн лулара къам хиларе терра, царна х1аллакдан гуттаре а атта нислуш долу. Амма и г1азакхийн "экха" вайна т1е х1устдале, царна вайгара, нохчаша жуьгташка т1ом кхайкхош санна йолу, цхьа провакаци хила езара. Х1унда аьлча, шаьш г1азакхашка нохчашца бойтур болчу т1еман идеологи, мелла а, нохчийн (ширачу израилхойн) - жуьгтийн санна хилийтархьама. Цу тайпа, цхьана хьадисо а буьйцу, Исхьакан (а.с.) берашна а, жуьгташна а юкъахь хила беза т1ом, шайна оьшучу хенахь а, меттахь а, шайн толамца а чекхбаккхархьама. Ткъа вайгара и провокаци царна ма оьшшура, жуьгташца а, г1азакхашца а цхьатерра т1емаш д1а хьебеш ян а йира: "Исторера Иблисан лар" лехначу 1илманчаша а, гитараца Иерусалим йоккхуш хиллачу иллиалархоша а, "Израилаца" т1емаш кхайкхиначу "эмираша" а, Ботлиха яхначу интернациональни джам1аташа а, тайп-тайпаначу "Кавказан информбюроша" а (вай цабоху, цараха цхьаболучара, иза ишта дуйла а хууш леладина). Иштачо йиш хеца ялайтира масонан Ельцинан а, чекистан Путинан а. Цхьанна, "нохчийн хаттар, эххар а, чекхдаккха деза вай" боху кхайкхам шайлахь бан а, ткъа вукхунан муьжгашка; "на Россию напали" боху мохь хьекхийта а.

    Вай бохучуьнца хотталуш хета, х1етахь, августехь 1999 шарахь, г1азакхийн-жуьгтийн лерийнчу службаша, нохчийн къоман хьокъехьа Тель-Авивехь къайлахьа барт бар а. И барт цара, октябряхь 2002 шарахь, Москоха Израилан "Арахьарчу разведкин а, къоман кхерамаззалийн а" куьйгалхо Эфраим Ха -Леви а веана керла баккхар а. Цул т1аьхьа, ноябрехь 2005 шарахь, Россин президентан Кавказера векал Дм. Козак а, Израилан премьера -министр А. Шарон а, Нохчийчохь г1азакхаша дийначунна жам1а дийца Тель-Авивехь цхьанакхетар а. Аьллачуьнна т1етухур вай, х1окху итт шарахь хаддаза, Нохчийчуьра т1ом толамца чекхбаккха бохуш, ц1е яхна болучу жуьгташа г1азакхашна беш болу хьехамаш а. Иштачохь хала ду теша, х1окху шинна а т1амехь, вайна г1онна баьхкина бохучу ткъайхьа 1арбошна юкъара дукхоха берш, "Массадан" "1арбой" цахилла бохучунах а. Ала дашна, нагахь беламе дацахь, вуьшта лаа цахета, Нохчийчохь шен ма хуьллу "палестинизаци" еш воллучу вайн "валиятин эмиро" а, оцу 1арбойха тарвала г1ерташ, "Абу Усман" аьлла шен ц1е хийцар а. Мацах "Массадан" айкханча хиллачу Арафата, шех, "Абу Умар" аларца, хийциначу ц1араха терра йолу. Цхьабакъду, нагахь и "Абу" бохург, ша тайпа "Массадан" "бренд" елахьа-м, т1аккха -м атта кхеташ иза а, вуьшта, Нохчийчохь и Абу Умарг1ар а, Абу Валидг1ар а, Абу Са1идг1ар а мичара схьаоьху ("Аби", "Абу" бохург, 1арбойн -жуьгтийн меттанашкахь; "да", "воккханийг") а. Ала деза, кхузахь вайна гуш кхин цхьа х1етал-метал а хилар. Наг -нагахь "президента" Кадыровс, масонин билгало лоручу "шина лилиян" суьртаца йолу пес лелаярца доьзна долу. Хетарехь, иштачу ц1арца и "эмир" а, оцу "мухарца" и "президент" а масонаша шаьш 1ора баьхначох тера ду. Уьш вайна юкъера шайниш санна, шайчарна массарна а бовзийтархьама.

    Иза ишта дацахьара, цу шиннех цхьаъ, шаьш цуьнан виначу дена метта цара "президент" а х1оттор вацара, ткъа вукхунах, цуьнан новкъара, нохчийн къоман ши президент а, вице-президент а д1а а ваьккхина, цунаха "Кавказан эмир" а вийр вацара. И санначу шайн "харжамца", нохчийн къам; динца, политикаца, "лакхара", "охьара", тайпанашца декъа а, цуьнан цхьана декъаха "мунепикъаш" а, вукху декъаха "шайт1анаш" а "деш", цу къомаха ч1ирхойн къам дан, шайна атта хир долу дела. Царна Нохчийчоь шен "ц1ийца" цаезарал а совнаха, шен ц1арца а езаш йоцийла(масала, дагайоуьйтур вай, "президент" хиллачу Алхановс, вай мехкан "Чечня" боху ц1е д1а а еккхийна, "Нохчийчоь" тилла еза аьлча, "премьера" Кадыровс х1етахь эккхийтина г1овг1а) шайна хаарна а. Шайна тешамна, уьш шайн эхарт а, закъалтна "охьадилла" шайна кийча хиларна а. Ткъа иза вайна а го. Нохчийн паччахьалкхана (цундела къоманна дуьхьала а) дуьхьала, цара шайн ямартлонин цхьааллица, г1азакхаша а болабале д1аболийна т1ом, тахана а, иза марсабаьккхарца д1акхоьхьуш хиларца. Цу тайпа, вайн къомаца шайн болу лерам, безам, тешам, къинхетам мел буьйла а гойтуш. Церан нохчашца йолу и к1иллойн цхьаалла юха а вайна хаало, цараха цхьаболчара, г1азотехь лиэгна нохчий сийза баха г1ертарца а, вукхара, оцу къонахоша шайн Даймохк ларбеш 1аьнийна ц1ий, Дала къобал дийр долуш дац, иза церан, "Кавказан Имарат" дуьхьа 1аьнна цахиларна бахарца а. Т1аккха ма дарра аьлча, и "Кавказан Имарат" а, и "Кавказан штаташ" а бохуш, "Кавказан Иудея - Хазарин каганат" юха меттах1оттаян луучеран 1алашонашна духьа. Иштачохь тидам хуьлуьйтуш ду, дукха хан йоцуш яздархочо А. Прохановс, цхьана телевидинехь баьхна долу; ",,, ткъа ян ма ю 1алашонаш, тайп-тайпана меттанашкара схьагулбина жуьгтий, Нохчийчохь баха хьовшо. Т1аккха нохчий мича бахьа беза вай..." а. Кхузахь цхьацуьррийг вай цец цадовлу, цо х1етахь аьллачунах.

    Вайна иза керла х1ума доцу дела. Тамашийна а, ледара а вайна хетарг кхин ду. Вай Кавказера д1адаха лууш, кавказхой а цхьана, шорта паччахьалкхеш а, къаьмнаш а доллушехь, цунаха вай ойла цаяр. Ца йо, и 1алашонаш йолучара, вай мел дукха х1аллакдарх а, т1аьхьа диссинарш вовшашка дайайтарх а, кхин берш, малхбузерачу Европехь "коммунизм" яьлла бохуш, шаьш лерийна "кундуховг1аьрга" йойтучу агитацица, цигарчу "хьаьвданашкахь" 1эса а, кериста а, дакъаза а довлийта божа санна 1эхадеш д1ахьийсадарх а. Вай боху божа санна, цигахь шайн хуьлучу гайнин таронаша, цхьаболчу нохчийн синкхетам, хьайбанин лаамашна т1ебаккхарна. Кхузахь вай буьйцурш бац, шайн махкахь даха кхерам хиларна и мохка д1атеснарш. Билгала бохурш кхин берш бу; Нохчийчохь баха шайна цхьаа кхерам а боццушехь, хийраллехь мерза дахар лаха, шайн ков -керт, ц1а-ц1е, къам-мохк охьатоссий, Дала бохург а дицдой, шайн зударийн, доьзаллийн лаамехь а боьрзий, керастан паналлехь д1ауьдурш. Иштачара дагатоссурш бу, вай къаноша шайн дийцаршца бицийнарш: ".. т1ахьарчу заманчохь шайт1а хир ду нахе кхойкхуш; "кхузахь дика ду бохуш", цигахь д1ахьовдур бу нах, юха иза кхечанхьара кхойкхур ду; "кхузахь тоьла бохуш" цига а д1адодур адам .. Эххьар а, уьш дакъаза а бевр бу. Церан некъаш а хедар ду..." бохуш. Цу хьокъехь вай дийцича дуккха а дуьйцур дара. Тахана нохчий шайн "лаамца" махкаха бахар, сионистин а, миссонерин а, глобалистин а, г1азакхийн юкъара программа хиларх а дуьйцуш. Делахь а, и деррийг кхузахь вайн дийца аьтто бацахь а, билгаладаккха дезачох хета, оцу программица, Кавказера нохчий Европе санна, иззачу программица, гергарчу Малхбалера нохчий а, сионисташа Америке д1акхалхош хилар. Масала, цу хьокъехь вайга тоьшалла до, дукха хан йоцуш Иорданехь баьхна, ткъа х1инца, Техасехь бехачу цхьана нохчийн доьзало.

    Цара дийцарехь, цхьа евзаш йоцу организаци ю, гергарчу Малхбалера нохчий, Лос-Анджелан а, Техасан а штаташкахь д1акхуьлуш а, царна цигахь харж еш а. Хала ду теша, оцу кепара Европехь а, Америкехь а нохчий д1аэхийта хьелаш кхуллурш, нохчех дог лозурш бу аьлча. Кхузахь кхочуш деш дерг кхин хета. Нохчий, ширачу израилхойн т1ахьенаш санна, жуьгташна кхераме хиларна, уьш ма хуьллу Кавказера а, гергарчу Малхбалера а царна гена бахарца доьзна дерг. Хила тарлуш ду, ас кхузахь дуьйцург, цхьаволчу дешархочунна цатан а, я кхечуьнна цхьанна а хорча цадог1у къамаьл и хета а. Амма вай цабоху, и делахь а, дацахь а ишта бен хуьлийла а дац. Вуьшта дешархочунна хаа деза, х1ара дийцар х1окху кепехь сан дерзар а, сан яржиначу ойланашцара ша-шеца нислуш дуйла а. Вай д1акхоьхьчу баланин рег1нех, ас ойла массоза йи, "цхьа бахьна хила ма деза и та1зарш вайна дан" бохург, даима а сайна хьалха х1иттарна а. Ишта, и "х1унда" шен лазамца къуьлуш, со воцург а, хийла нохчо вуьйла а сайна хаарна а. Масала, цараха долу; вайн дай а, де дай а, муьлхачу бехкенна х1аллакбан Сибреха бигнера те, боху хаттар а ду, х1инца а вайна жоп караданза. Вай ишта цакхетта, тахана вайн дай-наноша а, вай а, вайн бераша а х1ара рог1ера таъзар муьлхачу бехкенна лов те, бохучунах а. Аьлча-м эр дара и, масала, кху т1аьхьарчу б1ешарахь, Кхолламо вайн къам моссуьйтаза хьаьшар, цо, 1917чу а, 1991чу шерашкахь, Россехь жуьгташа биначу карчамашкахь жигара дакъа лацарна бекхамна ду аьлла. Вайца шен динца а, ц1ийца а цхьаа уьйраш йоцучу къомо, шен акха юкъаметтигаш шоззе а къестаечохь, вай "корта хьалха чу а кхисса даларна".

    Амма вай ойла ян дезаш ду кхузахь кхин цхьа х1ума а. Оцу Шен х1ора а таъзарна т1аьхьа, Дала вайха х1ораза а, Шен боккха къинхетам бина хиларна а. Иштачу къинхетамах бара, Нохчийчоь вайна юха луш, Сибрехара Цо вай ц1а дерзор а. Хьалхарчу т1амехь, Цо вайна белла инзаре боккха толам а(и.д1.кх. а). Т1аккха йолуш ю-кх, вайн къомаца, и Далла дезаш хиларан цхьа къастаме билгало. Цхьажимма и гал доллушехь, Цо цунна луьра та1зар дарца а, юха, цхьажимма а, и иманехь нислушшехь, Цо цунаха, Шен боккха къинхетам барца а ша гуш йолу. Тидам бер вай, Цо вайха и Шен къинхетам, вайн цхьабарт а, Ша вайна дагахь а волчу заманашкахь беш хиларна а. Ткъа иштачо гойту, нагахь тахана цхьа къам санна х1окху дуьненчохь вайна дисса а, эхартах довла а цалаахь, вай уггаре а хьалха бан безарг ; "Йо, Дэла гечдехьа...." , боху, белхам буйла. Ишта вай хьалхара дан дезачох ду, динах политика а йина, политакаха дин а дина, Нохчийчохь Ислам а, Нохчийн Доьзалан цхьаалла а йохаян г1ертарш совцабар а. Ткъа мульш бу уьш? Дешархочунна церан г1иллакхехь а, г1улакхехь а гайтам беш, вуьйцур вай цараха цхьа шиъ. Хьалхара дийцар: Хьастаха сайн г1улкхана цхьана меттехь нисвеллера со. Цигахь ишта цхьаъ дахьаш веъна хиллера, цхьа минаьх а. Салам а делла со чуваьлча, г1анта т1ехь аркъал а ваьлла, раз-пурах когаш а хецаделла 1уьллура и. Шега ладуг1учаьрга глобальни политика а, доккха джихад а, нохчийн кхоллам а буьйцуш. Схьах1утучу суртаца, нохчаша олу; "къийг т1ееъча къийг а, хьалоайло" бохург, шена х1ун ду хууш, ша вацахь а.

    Цунаха сайн тидам хиларна, цо дуьйцучуьнга цхьажимма ла а доьг1на, ас хаттар делира цуьнга; "хьажахь, айхьа бохучунна 1илма 1амийна мукъне а вуй хьо", аьлла. Ас шена йириг 1оттар юйла а кхетта, вела къажаран ашарца, т1ера-а схьа, жоп делира цо суна; "х1а -х1ан, ц1ахь волуш "20 партсъездан" колхозехь тракторист вара со", олуш. Ткъа ас шега; "цхьа "тракторист" вуйла-м, хьо ишта а гуш вара, делахь а, хьан билгалла х1ун говзалла ю те, бохучунна хоьттура ас иза аьлча, цуьнан бос бехьийра. Амма, и сан кхоссар шена лан халунна хиллехь а, и шена бен-башха йоцу кеп а х1иттаеш, цо кхин а д1адора шен къамаьл: "....джихад, нагахь дан эшахь, шен дена а дуьхьал дан дог1у... " бохуш. Эццахь, юха а, и шен хабарна юкъера воккхуш: "ткъа ахь ма бохху и делахь, Нохь-пайхамара (а.с.) шен, иманехь цавеъначу к1антаца а, Ибраьхьим-пайхамара(а.с.) шен иманехь цавеъначу деца Азарца, Мухьаммад-пайхамара (с.а.с.) шен иманехь цавеъначу девешина Абу-Мут1елибна дуьхьала а дан дезаш хилла-кх иза. Я хьуна цахаьа, и т1ом цаьрца цабарал а совнаха, цу шайн гергарчарна уьш эхарт деха х1иттича, Дала и дехар дар, царна магийна доцийла. Исламехь цу тайпа бихкина бу хьуна, к1енташна а, дайшна юкъера т1ом. Цахаьа, нагахь хьо, цхьа "Отцы и дети" а ешначурра луьйш вацахьа-м..." элира ас цуьнга. Оцу сайн шоллаг1чу 1оттарца, иза сайца цхьажимма "г1ам-г1им" дан а воккхуш. Цул т1аьхьа а д1авахча, цхьана сан накъосто cоь хеттира;" и мила ву, мукъне а хиири хьуна", аьлла. Шен хаттаран ас, "х1а- х1аъ" аьлча, цо вела а велла бохура; "Удуговн ц1е яхна волу г1оьнча "хьенехь" ма вара и. Д1о, Россин консульстве шен паспорт хийцита веъначура схьа чу хьаьвзийна волу. Со-м хьайна и вевзашшехь, хьо цуьнца х1унда къийсало те, бохуш 1аш вара.

    Т1аккха царна мичара хуур ду моьтту хьуна, шен деца къуьйсуш верг, нохчийн 1адатехь къот1алха вина лоруш вуьйла..". ( Эццахь ша аьллачунна масална, цо тхуна дийцира, вайн халкъалера цхьа шира дийцар а. Цуьнгара сайна ма хаззара, нагахь дешархочунна хаза хетахь а аьлла, ас кхузахь дала а до иза. "Цхьана генарчу г1улкхана боьлхуш хилла боху да а, цуьнан кхо к1ант а. Шайна новкъахь буьйса т1ееъча, цхьана хьехачохь севцинчохь, не1аре берд чу а кхетта, цу чохь биссина уьш. Кханоо, мацалло шаьш хьовзийча, дас к1енташка аьлла боху; со дуьненчохь ишта а дукха ваьхна, ткъа х1инца со велча а дац кхин даккхичараха, цундела со ваа веъна, цхьажимма хене довла хьовса деза шу. Цу заманчохь нахера цхьа орца кхача а мега шуна, аьлла. Ва дада, ахь х1ун дуьйцу, и ала а муха дели хьоь, бохуш, воьхна хьавзийна боху цуьнан воккхоха волу ши к1ант. Ткъа уггаре а жимхачо аьлла боху; бакълоь дада, нагахь цо бохург вай цадахь, кху чохь массо а мацалла лийр ду вай. Эццигахь, вежаршна юкъехь иккхина дов сацийна дас. Амма и кхетта боху, шен к1ентеха жимханийг, шех воцийла а. Цу хенаха кхин хьецалуш, шаьш лоьхучаьргара орца а кхиъна боху царна т1е. Т1аккха ша ц1а ма кхеччи, баттара шаьлта а еккхина, шен зудчуьнна т1ечевхийна боху къоьнгийн да; ас Дэлаца ч1аг1о йо хьуна, нагахь и жимханийг айхьа хьанаха вина ву, соьга схьа цадийцахь, ас йоь ма йоь хьо, аьлла. Цигахь шен майрачунна елха х1оттина боху важа; е ма ехьара ша, цкъа базара яханчохь жуьгташа хьийза йинера со, ткъа хьох кхерарна, ас хьоьга и цадийцира бохуш"). Шоллаг1а дийцар: Пхи- ялх шо хьалха, цхьана нохчийн мух1ажарийн юкъара1ойлахь, цхьа хьенехь кхеттера сох. Х1ара шоллаг1а т1ом балале, х1инца вай лакхахьа вийцинарг санна Удуговна гуттаре а ша уллохь цахиллехь а, амма, цуьнан "компанехь", Нохчийчохь "Исламан низам" д1ах1оттадеш "къахьегна" волу. Суна гучу хенахь, шен хиллачу дайша, шаьш т1амах "эвакуаци" ечохь шайха къасторна, дерриг дуьненна а г1ийр воьлла вара и.

    Ишта и массарна везвеш хиларна; "Хьо-м хьайн ц1ахь хир вара, Удуговн т1аьхьа а ваьлла цалеллахь", бохург элира ас цкъа цуьнга. "Зато, цо тхуна ахча лора-кх", аьлла дара, цо суна дукха сихонца а, шога а делла жоп. Эццахь, цуьнан х1уьттаренна; "Суна-м хаьа, хьо цуьнца ахчанна дуьха бен, хьайн Дэлан дуьхьа лелла воцийла а, ткъа х1инца хьан миссионерашна т1аьхьа валар а, Аллах1ан диканах ахь дог дилларна дуйла а", олуш жоп делира ас цунна. Кест-кеста, иза шен доттаг1ачуьнца 1американ католикан комитете хуьлуш вуьйла сайна хаарна. Нохчийн мух1ажаршна юкъера, мичча а виги д1аваккха шашиъ бохучу дехаршца. Соьгара шена цамоьттучу кепара и тайпа жоп хезча, цо бохура: "хьо х1ун дийца, я кхолла г1ерта те". Т1аккха церан и "къайле", сайна хууш юьйла цуьнга д1акъадо дизира сан. Амма х1ете а, шена кхин иэхь цахеташ; "ткъа х1ун ду, тхо цигахь хиларх. Нагахь тхан нигат ц1ена хилчхьана....", цо оллушехь, цуьнан къамаьл хадира ас. Цуьнга кхардамца; "... да висса-кх цунна делаъ, католикашца дагара дуьйцуш "да1ват" аш дечохь а, ц1ена хуьлу-кх и шун нигат. Тохара Ахьмад-хьажа Ватиканехь Папица цхьанакхетта хилар-м, айдинна ма дуьйцура аша. Цо Папина куьйгахь барт а яьккхина... Иза цунна т1е, Нохчийчохь ша доккха зулам д1адоладале, цуьнга шена ловцаш байта вахна а вара, бохуш... Х1етахь цунна иза а дийцина, х1инца шу муха боьлху католикаш болчий баха? Т1ехула т1е, Нохчийчохь шаьш д1ах1отто деза "Исламан низам" а дитина, яккха еза Иерусалим а йитина. Иза а, важа а шаьш дийр ду бохуш бацара аша, Нохчийн 1эдалца герзаца болийна т1ом а.

    Шайн доьзалашкахь ларт1ех кхетош-кхиор цахиллачу аша муха х1оттор дара динначу махкахь "Исламан низма"?. Ткъа х1инца, католикаш болчий даьхна а, протестанташна т1е даьхна а, шу шаьш даха г1ертачохь д1адахнехь, оха тхаьш х1оттор дар-кха Нохчийчохь и "Исламан низам", шен заманца йоккхур яра Иерусалим а. Тхо кхечу некъашца г1ур ду оцу 1алашонашка, аш санна провокацеш а цалелош. И провакацеш аш лелорна дац, тахана шу мичча дахарх а, тхуна бен цахетар. "Яхь йоцчу 1атто, юх йоцу 1эса дина" олуш хилла вай дайша. Оцу кицанна а дайна, тхо доьлхург шу д1а-схьа довларна дац. Тхо кхоьрург кхин ду. Кхана, лама, шайн керлачу несарийн - невцарийн х1уца, цхьа демократин ун а дахьаш, шу Нохчийчохь юха дерзарна. Ткъа тхуна луур дац, шайн дин а, къоман 1адаташ а дитина болу нохчий, Нохчийчохь бита. Х1унда аьлча, бусулба верг бен, тхуна нохчо хир воцу дела..." бохуш. Амма эрна а, я иза сох кхетар волу къаьмаьл а дацара, ас цуьнга х1етахь динарг. Тхойшиъ тайп-тайпана вара. Тхайшинан дуьнене а, эхарте а болучу хьежамашца. Иза ишта хилар дукхачу хьолахь билгаладоккхург иза ша а вара. Соьца ша мел долош долу къамаьл а, ша сол а бусулба хетарца; "...аша, националисташа..." бохучунна т1ера долош волу. Ткъа "оццулла бусулба" волчу цуьнан а, "оцулла националист" волчу сан а муъминалла; цо, миссионерашка орца дехарца а, т1аккха сайца "дагара" дийца г1иртиначу цхьана миссионера аса; " и дара х1инца суна т1е цатоьарг, православех болучараха ведда, католикех д1акхетар" аьлла хиларца а гуш дара. Вай кхузахь дешархочунна к1ордор дацахьара кхин а дахкор дара, и тайпа масалаш.

    Вайн къоман Исламаца дерг, удуговг1ара мел лору а, вайн сил-силаца дерг дауевг1арна мел оьшу а гойтуш. И ши а "парти", нохчийн къоман этнически харцам бан луучара, шайн цхьана "ворданах" тесна ницкъ буьйла а дуьйцуш. Даима а, вайн къоман цхьааллийн кхетам, цуьнан тайпанин лаамашка берзон сатесна хиллачу. Халахетарца ду, цу т1ехь вайн мостаг1ашна г1о деш, и хьенахг1ар хилла а ца1аш, шаьш дечунна т1аьхьлонна ойла цаеш болу, вайн цхьаболу 1илманчаш а хилар. Вайн къоманна уггаре а цаоьшучу хенахь а, цаоьшучу меттахь а, и тайпанех а, вирдех а долу хеттарш, шайн талламашкахь ийдеш болу. Ала дашна, цкъацкъа шайн чулацамца, халкъалахь юьйцучу тайпанийн историца цхьана бог1уш а цахуьлу, и церан цхьаболу белхаш. Дешархо кхета веза, вай бохург дац, уьш санна болу белхаш, цхьана юкъанна банне а цабича бакъахьа хир дара. Иза кхин ду. Йоьдучу хенахь, уьш ч1ог1а лерийна, теллина, "цхьаъ язде, шиъ дагахь латтаде" бохучу кхетамца мукъане а бан безаш хилар. Т1ехула т1е, уьш шаьш барна, г1азакхаша шайна цараха лучу 1илманан даржажна, я харжажна дуьхьа а цабеш. Шеко йоцуш, вайца шаьш бечу т1амехь, оцу тайпанан хаттарах пайда оьцуш болучу. Масала, шаьш вайна дахьаш долучу "1эдал" мукъ, тахана цхьана, кхана кхечу тайпане д1а-схьа кхийдош йолчу политикаца. Х1унда? Шаьш и "1эдал" д1алучу тайпанна а, кхечу нохчийн тайпанашна а юкъахь, йог1ур йолчу ханна цхьа мостаг1чолла кхоллархьама. Цундела и г1азакхийн "1эдалан" дукъ, вайна юкъахь т1е лоцучу(вай дуьйцург динна тайпа дац, цу тайпанеха цхьайолу ох1лонаш бен) муьлхачу а тайпана хаа деза, ша цу тайпа дийриг, нохчийн къомаца мостаг1чолла лацар дуйла. Цхьанна а ма моьттийла, вай ишта дуьйцург, масала, бенойн тайпа ду.

    Ткъа цуьнан вай ишта кхузахь ц1е яккхар а, цхьа тамашийна Тоуратан дийцар, дешархочунна довзийта вайна лаарна нислуш ду. Ширачу израильхоша, шайн беной бохуш хиллачу тайпанца бина т1ом, буьйцуш долу. Шен бахьна, цхьана масехь беночо йиначу эрчонна(цхьа зуда хьийза а йина, иза ерца) т1ехула а долуш. Дийцарехь, и тайпанаш цараха летар долуш а цахилла, нагахь израильхойн беноша сел 1овдалла а цахуьлуш, оцу зуламхошна шаьш кхиэл йина а, я "Мехкан кхиэле" уьш цара д1абелла хиллехьара. Вай дуьйцучунна дешархо мелла а т1екхион, билгаладакха деза, Исраиль -пайхамаран(а.с.) Вениамин ц1е хилла к1ан

      Текущее время Чт Май 16, 2024 12:32 am