Selasat

Selasat

Вы хотите отреагировать на этот пост ? Создайте аккаунт всего в несколько кликов или войдите на форум.
Selasat

Чеченский форум Селасат


    Абузар Айдамиров «Дарц»

    Selasat
    Selasat
    Admin


    Сообщения : 1695
    Дата регистрации : 2010-07-31

    Абузар Айдамиров «Дарц»  Empty Абузар Айдамиров «Дарц»

    Сообщение автор Selasat Ср Авг 11, 2010 9:25 am

    Дарц

    [Вы должны быть зарегистрированы и подключены, чтобы видеть эту ссылку]

    Автор: Абузар Айдамиров
    Язык:
    Категория: Литература
    Тип: Художественная
    Год: 1999
    Нохчийн халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран кхоллараллехь уггар йоккха меттиг дIалоцу исторически темано. «Дарц» оцу могIарера «Еха буьйсанаш» трилогин кхоалгIа тIаьххьара роман ю.

    XX бIешо долалуш, 1901-1913-чуй шерийн билггала мур юкъалоцуш, оцу заманан а, Нохчийчоьнехь, нохчийн къомехь (цу юкъахь - трилогин юьххьехь дуьйна гойтучу Гати-Юьртахь а) долчу хьолан а ма-дарра сурт хIоттадо автора. Ткъа дуьненна а вевзинчу обарган Харачойн Зеламхин чолхе васт дуьззина а, шен ерриг кхоллараллехь санна, исторически бакъдолчаьрца чIагIдеш а гойту Айдамировс; кIорггера синкхетамаллин (психологически) васт ду вайна хьалха, долуш дерг тIерадаккха а, лахдан а, доцург хаздан а, тIедуза а ца гIерташ кхоьллина.

    Нохчийчуьра юкъара-политикан хьал, ерриг Россин мехкашкахь болабелла, ткъа 1913 шарна тIекхачале Iедало луьра хьаьшна, цхIана ханна ницкъаца сацийна революцин болам, гонахарчу пачхьалкхашца а, Европехь а паччахьо дIахьо политика гайтарца нохчийн кхоллам кхечу къаьмнех хаьдда а, къаьстина а хила йиш цахилар билгалдоккху романехь.

    Пачхьалкхан идеологин бехкамаш бахьанехь а доцуш, хьалхарчу шина романехь автора ша шена хIиттийна гураш трилогин хIокху декъехь дац; книгаешархойх цхьаболчарна мел дезар дацахь а, юкъараллехь цхьа «дари», цхьа хиламаш буьйлалучу муьрашкахь гучуйовлуш йолу нохчийн иэхье амалш ма-ярра гойту Айдамировс. Яздархочо шен синкхетамехь даима а лелийна, цуьнца баьхна дегалазам бу иза.

    Кхин цхьа башхалла а хаало романехь - цуьнан мотт. Чолхе боцуш, муьлххачунна а кхета атта мотт хилар - иза исбаьхьаллин тIегIанан уггар лакхара лакхе ю. Мерза, чулацаме даима бара Айдамировн произведенийн мотт, ткъа «Дарц» йоьшуш и лакхе къеггина гур ю хIоранна а.


    Выложено: I-XI кортош



    Чулацам


    I корта. Ведана гIопехь

    II корта. Бекхамхой

    III корта. Нана

    IV корта. Буьйсанан хьаша

    V корта. Керла адамаш, шира амалш

    VI корта. ТIаьххьара чевнаш

    VII корта. Къонахий

    VIII корта. Декъазниш

    IX корта. Жима толам

    X корта. Иэшам

    XI корта. ТаIзархой

    XII корта. Бекхам

    XIII корта. Пачхьалкхан Думехь

    XIV корта. Iедалхой, хьолахой

    XV корта. Йолахой

    XVI корта. Буьрса кхайкхамаш

    XVII корта. Операци

    XVIII корта. Ши мостагIа

    XIX корта. Зударшций, берашций тIом

    XX корта. Халкъан кIант

    XXI корта. Керла бохамаш

    XXII корта. ТIам бойна леча

    XXIII корта. Гонна юккъехь

    XXIV корта. Сийначу Сибрехь

    XXV корта. Петарбухехь

    XXVI корта. Iелин кхоллам

    XXVII корта. Турпалан Iожалла

    XXVIII корта. Эпилог


    [Вы должны быть зарегистрированы и подключены, чтобы видеть эту ссылку]

      Текущее время Пт Апр 19, 2024 10:12 pm