Selasat

Selasat

Вы хотите отреагировать на этот пост ? Создайте аккаунт всего в несколько кликов или войдите на форум.
Selasat

Чеченский форум Селасат


    Статья "Имамийн маджлисехь"

    Selasat
    Selasat
    Admin


    Сообщения : 1695
    Дата регистрации : 2010-07-31

    Статья "Имамийн маджлисехь" Empty Статья "Имамийн маджлисехь"

    Сообщение автор Selasat Ср Авг 11, 2010 8:58 am

    Имамийн маджлисехь

    [Вы должны быть зарегистрированы и подключены, чтобы видеть эту ссылку]

    Чакхенга бирзина дIабоьдуш бу беза Рамазан бутт. Хууш ма хиллара, Рамазан баттахь марха кхабар бусалба динан пхеа бIогIамех цхьа бIогIам бу. Цунна инкарло йинарг керста лору. Марха кхабар важиб (динан коьрта декхар) хилар билгалдоккху сийлахь долчу Къуръано а, пайхамаран, Делера салот-салам хуьлда цунна, хьадисаша а. Лекха-воккха волчу Дала боху (маьIна): “.ХIай иман диллинарш! Шуна тIедиллина марха кхабар, шул хьалхабаханчарна тIедилларх терра, шу хилийтархьама /Делах/ кхоьруш.” (сийлахь долу Къуръан,2/183) Рамазан беттан дозаллах лаьцна хьадисаш вуно дукха ду. Схьадалор вай царех цхьадерш: - Ибн - МажихIис а, ауIь - БайхIакъис а Iабдурахьман бин Iавфах схьадаьккхина: Цо, Делан элчано, Делера салот-салам хьулда цунна, элира: “Рамазан бутт бу Дала шуна шена чохь марха кхабар перза дина, буьйса денъяр (тарбахь ламазаш дарца) суннат дина болу бутт. Оцу баттахь, иман а долуш, Делера мела хилар хьесапе а оьцуш, дийнахь марха кхаьбнарг, (тарбахь ламазаш) дарца буьйса денъйинарг шен къинойх цIанлур ма ву, нанас дена ма винна”; - Ахьмада Абу-ХIурайратах дийцина: “Иман а долуш, Делера мела хилар хьесапе а оьцуш марха кхаьбначунна гечдина цуьнан хьалхадахана а, тIаьхьадисна а къинош”; - Мусаббибан кIанта СаIида дийцина Салманера: “Делан элчано, Делера салот-салам хуьлда цунна, хутIба дийшира тхуна ШаIбан беттан тIаьххьарчу дийнахь: “ХIай нах! Шуна тIебеъна сийлахь-беза бутт, беркате болу бутт, шена чохь эзар шарчохь йолчу буьйсанал еза йолу Лайлат аль-къадар буьйса йолу бутт. Оцу баттахь дийнахь марха кхабар Дала перза дина тIедиллина, буьйса (тарбахь ламазаш дарца) денъяр совнагIа дика Iамал лерина. Оцу баттахь цхьа жима диканиг динарг кхечу хенахь перза Iамал йинарг санна хуьлу, перза Iамал йинарг кхечу хенахь 70 перза Iамал йинарг санна хьуьлу. Иза собаран бутт бу, ткъа собар динчун мела ялсамани ю, иза вовшийн дог эцаран бутт бу, иза шегахь рицкъ совдолу бутт бу. Марха долчу стагана суьйрана марха дохо хIума еллачунна марха кхаьбначун мела бу, вукхунна ца эшош. Иза бутт бу шен юьхь къинхетам болуш, шен юкъ гечдар долуш, шен чакхе жоьжахатийн цIарах цIанвалар долуш. Оцу баттахь шен хьалхахь болх беш волчунна атто йинчунна гечдийр ду, иза жоьжахатин цIарах хьалхавоккхур ву. Веза-воккха волчу Делера схьадеъначу хабарехь ду: Дала боху, Адаман беро еш йолу массо а Iамал цунна шена ю, цхьа марха доцург, цунна бекхам бийр бу Аса 10 тIера 700 кхаччалц мела баларца, ткъа марха кхабар еккъа Суна еш йолу Iамал ю - цуьнан бекхам Аса Айса бийр бу. Хьовсал ткъа - муха хила беза и бекхам! Марха кхабар доккха хьикмат ду. Деккъа юучу хIуманах а, молчу хIуманах а юхаозаваларх кхачо хуьлуш яц цуьнан. Марха кхобург массо а вочу хIуманах юхаозавала везаш ву. Деа мазхIабан имамаш бартабахана мархин мела бойуш хиларна тIехь харцлеро, гIибат даро (тIаьхьашха нахах леро),нахаца девне хиларо, гергарлонаш хедаро... Элчано, Делера салот-салам хуьлда цунна, аьлла: “Харцлер а дуьтуш дацахь, цуьнца Iамал а юьтуш яцахь, Далла ца оьшу цо даар а, малар а дитар”. Кхин цо, Делера салот-салам хуьлда цунна, аьлла:” Хила тарло марха кхобург шен мархина дуьхьал хьагвалар а, мацвалар а бен кхин мела боцуш”. Цхьа кхечу хьадисехь деъна: марха кхабар дац даарх а, маларх а - марха кхабар ду даьссачу хабарех а, вочу амалех а. Хьалха хиллачу дикчу Iеламнаха олура: “Дукха атта марха ду даарх а, маларх а юхаозавалар. Ахь марха лаьцча, марха лоцийла хьан лергаша (вочу хIуманашка ла ца дугIуш), хьан бIаьргаша (вочу хIумане ца хьоьжуш), хьан матто ( вониг, боьханиг ца дуьйцуш), массо а хьарам хIуманех, лулахочунна бохам барах юхаозалойла хьо”. Оцу хьадисаша вайна къеггина гойту мархин коьрта Iалашо, цуьнан хьикмат: массо а вон хIума, хьарам хIума дитар. Вон хIума, хьарам хIума массо а хенахь а ца магош ду бусалба дино, къаьсттина ца магош ду и Рамазан баттахь. Дала базбинчу беттан хьуьрмат дайар ду иза. Рамазан беттахь Дала цамгарца я цхьа кхечу бахьанца марха ца лаца бакъо елларг а нахана гучахь хIума юуш я цигарка узуш лелар - Делах а, Цуьнан жайнах а цавашар ду, бусалба нахах а цавашар ду, ур-атталла цуьнгахь оьздангалла а, къоьнахалла а, хаза гIиллакх а ца хилар ду. Вай мархин кхоччуш мела вай безаш делахь, тоба дой Деле дIадоьрзий вай, вовшашна къинтIера довлий вай, вовшашна гечдой вай, вовшийн гергарлонаш хуттий вай, вовшийн барт чIагIбой вай, цхьанна а вайгара бохам ца болуьйтий вай! ТIаккха дог дохийла ду вайн Делера къинхетаме а, Цо вайн къинош гечдаре а-тIаккха хир ду вай дуьненахь а, эхартахь а ирсе! Рамазан беттан тIаьххьара итт де вуно деза ду Iибадат дан. Кхоччуш пайда оьций вай царех! Рамазан бутт дIаберзош вайна тIехь кхин цхьацца гIуллакхаш ду. Беттан тIаьххьарчу дийнахь малх чубузуш хIора сина (жимачунна а, вокхучунна а) тIедужу мархин перз сахь даккхар - хIоранна тIера 2,5 кило цIена кIа мискачарна дала. ШафиIечун мазхIабо кIена меттана ахча дала ца магадо, делахь а, кIа эца ца карохь я и декъа аьтто ца хилахь, мегар ду, Абу-хьанифатан мазхIабна тIе а тевжина, цуьнан барамехь ахча декъа. Марха досту де - Iид аль-фитIр- сийлахь дезде ду бусалба динехь. Марханаш кхаьбба, цуьнца Делан декхар кхочушдина хазахетар ду массеран а дегнашкахь.Иза хазахетар цхьана дийнахь хилча- кхин доккха хазахетар ду, бусалбанийн барт цхьаъ хилар ду. И ШариIато лоьхург ду. Цундела ШариIатаца нийса а богIуш вайга хаам беъча, массара а цхьана марха даста деза. Бусалбанаш бекъабалар, къаьсттина дезчу дийнахь, доккха къа ду. Iидан дийнахь Iид-ламаз дар ду нуьцкъалла суннат. И дале декъа деза мархин сахьаш а. Iидан дийнахь оьшу хазахетар гучудаккхар, доьзална чохь шортта даар латтор, “АллахIу акбар” аларца Дела воккхавар. Лулахошка, гергарчаьрга, доттагIашка гIош, уьш декъалбар - Iид даздаран билгалонех хаза суннат ду. Амма вайна юккъехь шуьйра даьржина долу вовшашца яхье бовлий, массран уьйтIа боьдуш, цара хIума яларе хьоьжуш Iар - бусалба динца ца догIуш долу Iадат ду. Оцо нахана хало йо, уьш декхаршна кIел бохуьйту. Нахана хало яр хьарам ду. Декхар тIехь долчо сагIа дала а, совгIат дала а ца мега. Нехан декхар дIадалар ду цуьнан тIехь важиб. Цундела имамийн мажлисо кхойкху : нах халоне ца хIиттош, оьзда достий вай марха. Массарга а баха, бераш а дахийта, царна массарна а хIуманаш екъа оьшуш дац. Кхачо ю чохь даар а латтийча, вовший декъал а бича, къаьсттина а Iид-ламаз дан гулбеллачохь. Дала къобалдойла шун марханаш, Шена дуьхьа лорийла аш хьегна къа. Дала марха лаца а, даста а, дика Iамал ян а ницъ а, могашалла а лойла вайна. Имамийн мажлисан декъашхойн цIарах М. Магомедов


    НИЙСО

      Текущее время Пт Апр 19, 2024 6:00 pm